ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнна кIиранчохь Къилбаседа Кавказехь цхьана а кепара герзашца конфликтехь вийна, лазийна стаг вац. Иштта ду "Кавказан узел" агенталло шайн материалштIехь а, кхечу диллинчу хьосташна тIе а тевжаш, динчу зерийн жамIаш.

Лецарш.

Байначу беттан 27-чохь Соьлж-ГIалахь веха, стохка Iай вийначу Лорсанов Исламан ваша 19 шо долу Лорсанов Iусман дIавигина полисхоша. Шайн кIант вигарх цуьнан гергарчара хаамбира кху беттан 5-чу дйинахь.

Цхьацца хеттарш динчул тIаьхьа шайн доьзалхо маьршавоккхур ву аьлла хеташ Iийнера уьш. Шен воI лаха араваьлла да полисхойн декъе вахначу дегара тIаьхьаяьхьна юург, бедар дIаэцна хиллера, амма кIант гар ца нисделлера цуьнан.

Лорсанов Iусманан гергарчарна хетарехь, иза дIалацран бахьана хила тарло, шен вайначу вешин кхолламах хаа лууш, телефонехула бевза-безачаьрца цо дина къамелаш.

XS
SM
MD
LG