ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" клуба юкъарваьлла Емельяненко Александр


Латархо Емельяненко Александр
Латархо Емельяненко Александр

Социалан машанехь шен фанаташца хиллачу къамелехь гоьваьллачу оьрсийн латархочо Емельяненко Александра дIахаийтина, ша Нохчийчуьрчу "Ахмат" тобан лигехь кхи дIа цахиларх. Karate.ru сайто бина и хаам.

РогIера шен латар Стигалкъекъа баттахь хир ду аьлла спортхочо, амма хьенан гIоьнца, билгал ца даьккхина.

Набахтехь яккха тоьхна хан ерриг ца йоккхуш маьршаваьккхина хиларан бахьанашца, Оьрсийчуьра аравала цкъачунна бакъо яц Емельяненкон, цундела оьрсийн организаци хила тарло и.

Стохка гурахь а, Iай а шозза летира Емельяненко Александр "Ахмат" лигехь. Шина а къовсамехь толамаш бехира цо.

Хьалхо Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа таллам бийр бу шаьш аьлла, хааме даьккхира, "Ахмат" клубана реклама ярна UFC-н латархошна муха кхочу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгара ахчанаш.

Дахначу шарахь Iамеркан финансийн министралло санкцийн тептаре ваьккхира Кадыров Рамзан, цо махкахь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG