Дагестанерчу ММА-н латархочунна Нурмагомедов Хьабибна рекордан гонорар елла UFC (Ultimate Fighting Championship) олучу латархойн чемпионатехь Iамеркарчу Эквинт Эланна техь толам баккхарна.
530,000 долларшкахь ахча делла Нурмагомедовна, ткъа цуьнан къийсархочунна кхаьчна 280,000 долларш. Karate.ru сайто бина и хаам. Оьрсийчоьнан спортан исторехь UFC-ехь толам баккхарехь дуьххьара ву Нурмагомедов.
Дагестанан куьйгалхочун дарж ханна кхочушдечу Васильев Владимира декъалвина Нурмагомедов Хьабиб.
Ша толам баьккхинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дехар дина Нурмагомедовс, лаьцна латточу бизнесхочунна Магомедов Зиявудина гIо доьхуш.
"Ледарчу хьолехь ву тахана тхан воккхахволу ваша, тхан тобан декъашхо Магомедов Зиявудин. Суна а, со санначу спортхошна а дукха гIо дина ву иза", - аьлла спортхочо.
Хьалхо хаамбора, "Лефортоверчу" СИЗО-хь латтон Магомедов Зиявудин телевизор йолчу дехьаваьккхкина, Нурмагомедовн латаре хьажийтархьама аьлла.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ