ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан кхо эпсар лаьцна Нохчийчохь


Москохарчу Пресненскан кхело сацам тIеэцна полицин ши подполковник, Ольшанский Виктор а, Андреев Алексей а, полицин майор Селезнев Павел а шина баттана лоцуш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинехь лаьттинчу векална Цицулаев Рамзанна дуьхьалдаьккхинчу гIуллакхан хьокъехь лецна уьш. Цицулаев бехкево стаг лачкъорна а, талораш дарна а, полисхочунна тIелатар дарна а, хьарамлонаш лелорна а.

Лацале хьалха кхуьй а болх беш хилла Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зуламаш толлучу декъехь. Иштта шина баттана цIера аравалар дихкина кхи а цхьана Цицулаевн декъахо хиларца шеконашца латточу Солталиев Мансурна.

Талламчийн версица, оцу бехкебечу полисхоша дакъалаьцна 2014-чу шарахь бизнесхо Закриев Iела лоцуш. Иштта 100 миллион сом цуьнгара даккха а гIиртина уьш. Изза бехкаш тIетоьтту Цицулаев Рамзанна а. Цуьнан адвокато Бекаев Мухьаммад-Арефа бакъ ца до ша Iалашвийриг оцу зуламашна гунахь хилар.

2014-чу шарахь лаца кхайкхийра Цицулаев Рамзан. ТIаьхьо иза Оьрсйчуьра араваьллийла къаьстинчул тIаьхьа дуьненаюкъарчу лехамашка велира иза. Стохка гурахь лецира Цицулаев Украинера араволчу заманчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG