ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веччалгаш яьржина Оьрсийчохь


Роспотребнадзоран хаамашна тIе а тевжаш, "Оьрсийчоьнан газетано" хаамбина, веччалгаш жигаръйовлу мур болабелла Оьрсийчохь аьлла. Оцу хьукмато Iорадаккхарехь, карарчу баттахь Оьрсийчоьнан 35 регионера 800 стаг валийна дарбан цIийне веччалгаша къийзийна. 370 бер а ду царлахь.

Веччалгех лардалар хьоьху лоьраша, веччалг дегIах ца йолийта бедар тIехь лелор а, ишшта уьш къахкош репелленташ лелор а. Роспотребнадзоро бахарехь, буьйда шура молчу хенахь а тарло веччалган энцефалит адаман кийра яха. Цундела шура кхехкийна бен мала мегар дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG