Словакин коьртачу шахьарехь Братиславехь мукъаденошкахь дIаяхьначу иэдинчу латарийн турнирехь толаман меттигаш бехира Германерчу а, Австрерчу а нохчийн спортхоша.
Масех шо хьалха дуьненаюкъарчу спортехь кхоллаелла йолчу ACB спортан цхьаьнакхетаралло йоккхачу IалагIожца дIакхайкхина яра Братиславера латарийн турнир. Цигахь дакъалоцуш бара ткъех пачхьалкхашкара латархой - Цхьаьнатоьхначу Штаташна тIера Китайна тIекхаччалц. Нохчийн къомах ворхI спортхо а вара царна юккъехь Германера а, Австрера а, Полшера а, Словакера а.
Царех уггаре а цIеяхнарг Австрера Агуев Iарбий, Германера Эскиев Лом-Iелий вара. Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу На-Шон Баррелца леташ хиллачу Агуевс цIена толам баьккхира, массо а жюрин декъашхойн кхаьжнашца.
Иштта толамца дирзира Эскиевн Перурчу латархочуьнца Паломино Луисца тасвалар а.
Царел совнаха толаман меттигаш бехира Межидов Батаев Iадлана а, Умаров Юсуп а, Межидов Iарбис а.