ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Емельяненко: "Ахмат" клубан "маьрша латархо" ву со


Маршо Радионо Karate.ru сайтана тIе а тевжаш, социалан машанехь гоьваьллачу оьрсийн латархочо Емельяненко Александра ша Нохчийчуьрчу "Ахмат" тобан лигана дIакхайкхош бина хаам бовзийтира хьалхо. Дукха хан йоццуш юхаэцна спортхочо шен дешнаш.

Емельяненкос бахарехь, социалан машанехь шен фанаташца къамел деш, лиги юкъара ваьлла ца аьллера ша, "Ахмат" клубан цIарах "маьрша латархо ву" муьлххачу а организацешкахь лата аьллера.

Оцу юкъанна, латархочо "Патриот" клубан куьйгаллийца (Висмурадов Абузайдаца) дина контракт дац шен боху, делахь а шина а агIонна пайден хуьлччу агIор спортхочо юкъаралла а лелош, шен "дешан да" ву иза аьлла Емельяненкос.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG