ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лахделла нах балар


Могушаллин министралло хааме даьхна Оьрсийчуьрчу регионашлахь уггар дукха а, кIезиг а нах баларан мехкаш, яздо "Известия" хьостано. Уггар лахара терахьаш билгалдаьхна ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Ямало-Ненецкан кIоштахь, Дагестанехь, Ханты-Мансийскехь.

Бахархошлахь баларш алсам хиларца къаьстина Псковн, Новгородскан, Тверан, Тулан, Ивановон кIошташ.

Болчу хаамашца, йоллу Оьрсийчохь баларш лахделла 3,9 процентна.

Стохка 1,8 миллион стаг кхелхина Оьрсийчохь. И терахь лахара ду, дахначу шерашца дуьстича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG