ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен адвокатан офисех хьовсар ца тайна Трампна


Шен адвокатан Коэн Майклан офисах хьовсар ""ешапаш лехар" ду, шен харжаминй штабан Оьрсийчоьнца а бертадахар хилла дац аьлла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда.

Леринчу прокуроран Мюллер Робертан команда критике йиллина Трампа, уьш "озабезамаш лело тоба ю" аьлла. Мюллер даржах вохор вуй ахь аьлла шега деллачу хаттарна жоп ца делла президенто, амма билгалдаьккхина, "эхь ду цара лелорийг, замано гойтур ду кхи дIа хиндерг" аьлла, хаамбо "Iамеркан аз" радионо.

ФБР-н белхахоша Нью-Йоркерчу Коэн Майклан офисехь талламаш бина, 2016-чу шарахь перзидентан харжамашна Оьрсийчоь юкъагIортар толлучу леринчу прокуроран Мюллер Робертан тIедожорца. Офисех хьовсучара дIаэцна документаш, къаьсттина тергоне эцна порноактрисан чоьта тIе ахчанаш дехьадаьхна кехаташ, дуьйцу Iамеркан зорбанаша.

2016-чу шарахь Iамеркан президнтан харжамаш тIекхача масех де дисинчу хенахь, порноактрисана Дэниелс Стормина 130 эзар долларшкахь ахча дахьийтича, вийца ваьккхира адвокат Коэн Майкл.

Трамп Меланияс кIант винчул тIаьхьа Трамп Доналдца шен хилла юкъаметтигаш Iора ца йохург деллера актрисана ахча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG