ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Орцан министраллан белхахоша шинарийдийнахь юха а талламаш болийна "Саратовн авиалинийн" Ан-148 кема доьжначу меттигехь. ТАСС агенталло бо и хаам.

Оршотдийнахь доьхначу кеманчохь хиллачу цхьаннан йоIа Синицына Юлияс "Медузе" дийцина, кема доьжна ши бутт баьллачул тIаьхьа шена цигахь беллачийн дегIан меженаш керийна хиларх, цига зезагаш дахка ша еача.

Талламан комитете хаамбина Синицынас, амма хIетте а кема доьжна зона гуоне ца лаьцна хIинца а.

Иштта оршотдийнахь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире видеокхайкхам бина цо.

Домодедовон аэропортехь гIаьттинчул тIаьхьа Подмосковьехь Чиллан-беттан 11-чохь хIаллакхилира Ан-148 кема. Цу чуьра 65 пассажир а, экипажан 6 декъашхо а велира.

XS
SM
MD
LG