ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Скрипаль Юлия дарбан хIусамера араяьлла


Скрипаль Юлия
Скрипаль Юлия

Нерван, паралитикан дIовш даьлла Британин Солсбери гIаларчу дарбан цIийнехь могушалла метта а ялийна, араяьлла Скрипаль Юлия. Британин хаамийн гIирсаша бо и хаам, шайн хьосташна тIе а тевжаш. Официалехь тIечIагIйина яц и информаци. Sky News телеканало дийцарехь, оршотдийнахь араяьккхина хила тарло Скрипаль.

Би-би-си-на хетарехь, цуьнан кхерамзалла ларъеш кхечу лазартне йигинчух тера ду. Шинарийдийнахь Скрипаль Юлерчу хьолах лерина хаам бу бан безаш лоьраша.

Байначу беттан 4-чохь дIавш даьлла, шен деца, ГРУ-н хиллачу агентца Скрипаль Сергейца дарбан хIусаме кхачийнера Юлия. Еххачу хенахь вочу хьолехь лаьттира и ший а. Эххар гIоле хила юьйлира, хьалха Юлияна, цунна тIаьххье цуьнан дена а. Прессаца къамел хилла дац Скрипаль Юлиян иза кхетамчу еанчул тIаьхьа. Хууш дац, хиллий цуьнан къамел талламхошца а. Би-би-си-но бахарехь, гергарчу хенахь пресс-конференцехь йистхила лерина ю Скрипаль Юлия.

Великобританина Оьрсийчоь бехке хета, Скрипаль Сергей а, цуьнан йоI а ден гIортарна. Оьрсийчоьно бехк тIе ца лоцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG