ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко тоьхначу санкцеша даккхий зенаш дина Оьрсийчуьрчу хьоладайшна


Iамерко дуьхьалъяьхна керла санкцеш бахьана долуш оьрсийн 50 хьоладайн бахам 12 миллиардна лахбелла. "Форбс" журнало бо и хаам, тIаьххьарчу дийнахь, бусий хIоттийна таблица шайн сайтехь зорбане а йоккхуш.

Цхьа миллиард долларна зен хилла санкцийн тептаре ваьккхинчу бизнесхочунна Дерипаска Олегна. Оццул бохург санна иэшам хилла цуьнан "Норильскан никелехула" волчу партнерна Потанин Владимирна.

Миллиард долларшна лахделла Вексельберг Викторан хьал. Даккхий финансийн зенаш лайна Керимов Сулеймана а, Михельсон Леонида а, Тимченко Геннадийс а, Лисин Владимира а, Абрамович Романа а, Алекперов Вагита а, Мордашов Алексейс а.

Санцкеша тIеIаткъам бина ВТБ банкан, "Русал", "Мечел", "Норильскан никель" компанийн акцешна а.

XS
SM
MD
LG