Соьлжа-ГIалахь схьаделла кечам бечу пхи седа болчу "The Local" хьешан цIийнехь болх бан персонал ю вовшахтухуш, тIейогIучу хенахь оцу бизнесехь болх бан Iамор а болуш. "The Local" отел чохь хир ю 90 чоь, ресторанаш, конференц-холлаш. Иштта хир ю къевлина бассейн, спортан чоьнаш, СПА-центраш. Мисарара йогIу футболан тоба ю дуьххьара цу хIусаме юсу ерг. Матчашна кечамаш бийр бу футболисташа "Ахмат-Арена" стадионехь.
Меттигерчу Iедалша бахарехь, "The Local" хьешан цIа инвестицин проект ю. И еш юкъадахана лору 2 миллиард сом. Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкара компани ю инвестор хIоьттинарг, яздо Нохчийчоь Тахана агенталло.
Отел йиллинчул тIаьхьа белхан меттигаш кхочур 150 стагна. Балха оьцучу хенахь коьртачарех хир ду ингалсан мотт хууш хилар. Иштта отелан бизнесехь кхиамаш хилийтархьама лерина курсаш вовшахтухур ю болх бан Iамош.