ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохарчу биржехь соьман мах охьабаьлла


Russia -- Ruble dollar oil - generic
Russia -- Ruble dollar oil - generic

Москохарчу биржехь шинаридийнахь соьман мах цIеххьашха боьжна. Шина соьме гергга хьалабаьлла еврон а, долларан а мах. Дуьххьара кху тIаьххьарчу шина шерачохь 77 соьмо тIехбаьлла еврон мах, ткъа 2016-чу шеран чакхенера дуьйна доллар 62 соьме кхиира.

Оршотдийнахь дуьйнна дайдала доладелла оьрсийн сом, Вашингтоно цхьайолчу компанешна а, Оьрсийчоьнан бахархошна а санкцеш тохарца. Кремл Iамеркан президентан харжамашна юкъагIортарна дуьхьалъяьхна и санкцеш. Москохан биржехь оршотдийнахь чухаьрцира котировкаш а, индексаш а. Bloomberg агенталлан зерашца, Оьрсийчуьрчу хьоладайн цхьана дийнахь дайна 16 миллиард долларшкахь.

Керла санкцеш дуьхьалъяьхначу бизнесхошна гIо кхачоран некъаш лоьху Оьрсийчоьнан Iедалша. Федералан веа хьаькамо бечу хаамашна тIе а тевжаш, "Ведомости" гIирсо яздо, лерина офшораш кхолла а тарло Оьрсийчохь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG