ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавров: Оьрсийчоьно ша толлур ду Шемахь химин герз лелор


Химин герз дихкинчу организацин эксперташ (ОЗХО) Шемарчу Дума гIаличу бахийта гIерта Оьрсийчоь. Хетарехь, цигахь дина химица тIелатар. Арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс журналисташка дина и дIахьедар шинаридийнахь.

Шеман эскархойн карахь ю гIала, цундела бохийла дац организацин эксперташа шайна кхераме ду цигахь хилар бохуш, чIагIдо Лавровс.

Министро бахарехь, Думехь химин герз лелор таллархьама шаьш хIоттийна резолюцин проект кховдор ю Кхерамзаллан Кхеташоне шинаридийнахь Оьрсийчоьно.

Вашингтоно жоьпалла Шеман президентна Асад Башарна а, цуьнан агIончашна – ГIажарийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а тIехь дуьту. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн "дуккха а некъаш ду тIамца дуьхьал жоп дала" аьлла президенто Трамп Доналда.

Думехь хилларг цхьанца а дозуш доцуш талла а теллина, бехкенаш кхеле озош, Кхерамзаллан Кхеташоне шайн проект кховдийнера Iамерко хьалхо. Дуккхаъчу хаамаша а, фото, видео-тоьшаллаша а тIе а чIагIдеш, дахначу шоьтадийнахь Асад Башаран эскарша тIелатар динера Дума гIалина.

Химин герзах пайда а оьцуш, йийсарехь латтийнера цара гIаттамхой. Иттанашкахь маьрша бахархой белла оцу инцидентехь. Шеман а, Оьрсийчоьнан а Iедалхоша тIе ца дуьту шаьш бехкехилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG