Нохчийчуьрчу кхелан пурстоьпаша тIаьххьарчу кхаа баттахь 113 миллион бахархоша тIехьерчийна декхарш схьадаьхна.Шо доладелчхьана кхелан пурстоьпийн урхалло шен чоьте эцнера 140 эзар нуьцкъаша ахча схьадаккха билгалбевлла бахарахой. Царех 37-ммо декхар текхна. Доккхачу декъанна пачхьалкхан декхарш хьаьрчинера бахархойх дIаяла еза ял а, административан гIуданаш а бахьана долуш.