Роспотребнадзорца а, УБЭП-ца а, юкъараллан, экономикан кхерамзаллан Кхеташонца а цхьанакхетар хилла махкарчу могушаллин министраллан. Кхеташонехь дийцаредина лицензеш а йоцуш республикехь болх бечу косметологин центрех. ТIаьххьарчу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу салонашкахь талламаш дIабаьхьна, цара лун таронаш лицензешца йогIуш юй хьовсуш.
Могушаллин министро дIахьедина, гергарчу заманчохь Соьлжа-ГIалахь лерина клиника схьайоьллур йолуш хиларх, низамаша ма хьоьхху, болх а беш.
Иштта карладаьккхина гулбеллачара, вазелинца мехий деттар бахьана долуш, Нохчийчохь дуккха а зударий заьIап бисина хилар.