ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркахо Хендрик Майкл: "Нохчийчу вахар кхераме дац..."


Нохчийчохь ши де а даьккхина, дIавахна Швейцарера гIаш некъ беш волу турист Витте Бен. Некъа йистехь гIудалкх а такхийна воьду иза, нохчаша шаьш долчу чукхойкхуш, буьйса яккха бохуш, новкъарло йо шена бохуш, забаренна санна, арз дина цо меттигерачу бахархошка.

Нохчийчохь санна шена ахча кховдийна пачхьалкх яц аьлла цо. Цхьа а буьйса нехан чохь ца яккха нигат а дина ву и жима стаг. Буьйса шеца цхьана лелочу четар чохь йоккху цо.

Нохчийчура иза Дагестане а вахна, цигара Казахстане, Туркмени, ГIажарийчу, Иракъе, Шема а кхочур ву. ТIаьххьара цуьнан гIаш и некъ боьрзур бу ХIиндойчохь.

Оьрсийчуьра а, луларчу пачхьалкхашкара а туристаш кхуза оьхуш хиларх цецвала хIума дац. ГIали юкъахь шортта лела уьш, уллехь цхьа а гIаролла деш а воцуш. Европерачу а, кхи а генарчу пачхьалкхашкара а оьхуш бу дуккха а. "Туркавказ" цIе йолчу бюрон куьйгалхочо Болотбиев Iадлана даре дира иза: "Кхечу пачхьалкхашкара а богIу Нохчийчу а, ГIалгIайчу а, Дагестане а.

Стохка Полшера журналисташна пресс-тур йинера. ХIинца цхьа кIира долуш церан цхьа блогер вара зIене ваьлла, 10-15 стаг а валош, ша веъча тIелоцур варий аш аьлла. Царна программа а хIоттийна, дIаяхьийтина. Уьш а бу бахка безаш. Вуьшта, иштта йоккха тоба ца лаьрча а, 1, 2, 3 вогIуш дукха баьхкина. Вайн агентствос тIелаьцна хилла бу Францера а, Германера а, Iамеркара а, Хорватера а, Чехера а, Австралера а, Ирландера а нах".

Генарчу кхечу пачхьалкхера нах баьхкича, царна тIе боьгIна хуьлу массеран а тидам. Масала, Iамеркахо Хендрик Майкл Соьлж-гIала "Британика" олучу меттанийн ишколехь хьеха веана ву. Цуьнан белхан накъоста иза возуьйтуш, забаренна цуьнга хаьттира иштта:

- Хьуо вовзийтахьа!

- Сан цIе Майкл ю. Со Цхьанатоьначу Штаташкара ву. Техасехь вехаш ву.

- Кхуза хIун Iалашонца веана хьо? Шпион вуй хьо?

- Вац. Со кхуза веъна "Британика" ишколехь хьехархочун болх бан!

Ткъа баккъал а Хендрик Майклан хазахетта Нохчийчохь. Хьаша-да тIеэцар а, ша дерриг а тов шена элира цо Маршо Радиога вистхуьлуш: "Кхузахь хьаша-да чIогIа дика тIеоьцу. Суна дика хета кхузахь. ХIора стага соьга олура Нохчийчу вахар кхераме дац. Амма ас билгалдаккха деза Цхьанатоьхначу Штаташкахь Нохчийчоьнах дукха хIума хууш дац. Иза евзаш республика яц".

Ши шо хьалха Нохчийчу шен зудчунца а, шина кIантаца а веънера кхин цхьа Iамеркахо. Ингалсан мотт хьоьхуш, бераш ишколе дIа а тесна Iийра Соьлж-гIалахь, массарна веза а везаш. Амма цуьнан визин хан дIаяьлча, Оьрсийчоьнан Iедало кхин дIа ях ца йира цунна. Кавказ езаелла иза, Гуьржийчу дIавахна шен доьзалца.

Наггахь, Нохчийчоьнна шайн сагаттаделча, шаьш дина жижиг-галнаш а дууш хан йоккху цара, Тбилисехь, мацца а шайна Соьлж-ГIала юхадерза бакъо лур ю аьлла сатийсамца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG