ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера нохчийн студенташ гуллур бу доттагIаллин гуонехь


ХIора шарахь хилла ца Iаш, даим а керлачу семестрица алсам долуш ду Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкарчу университеташкахь а, институташкахь а доьшучу нохчийн студентийн терахь. Шаьш бол-болчу мехкашкахь тобанаш а, юкъараллин цхьаьнакхетараллаш а кхоьллинера хIинцалц схьа нохчийн студенташа.

Иштта, масала, Белгехь масех шо а ду нохчийн студентийн тоба кхоллаелла. ХIора шарахь цхьаьна а кхеташ, доьшучу кегирхойн самукъадаккхаран белхаш а беш, схьабогIуш бара уьш.

Австрехь а кхоьллина нохчийн студенташа дахначу шарахь шайн цхьаьнакхетаралла. "Серло" цIе йолчу цу тобанехь хIинцале а бIе герга стаг ву. Цара а иштта сих-сиха студенташ вовшашна бовзийтарна а, тIекхуьучу чкъурана лакхарчу дешаршкахь доьшучу кхиамечу кегирхойх дика масала хилийтарна хьажийна белхаш бо.

Кху шарахь Европерчу нохчийн студенташна юккъерчу жигархоша сацам бина, тайп-тайпанчу пачхьалкхашкарчу доьшучийн цхьаьнакхетар дIадахьа, юкъараллин болам я цхьаьнакхетаралла кхолларца нохчийн кхиаме кегирхойн потенциал гуш хилийта а. Дозанаш а ца лоруш къоначарна вовший бовзийта а.

Цу Iалашонца Охан-беттан 14-чохь Белгерчу Вьерве гIалахь дIахьур ду Малхбузерчу пачхьалкхашкарчу нохчийн студентийн цхьаьнакхетар. Германера а, Британера а, Францера а, Нидерландашкара а, ша Белгера а университеташкахь а, институташкахь а доьшуш болу нохчийн кегирхой бу цигахь гуллур болуш.

Австрерчу "Серло" цхьаьнакхетараллера делегаци а ю студентийн форуме йоьдуш, цуьнан куьйгалхойх цхьаъ йолчу Кушалиева Таисас Маршо Радионе ма-дийцара: "Нохчийн студентийн цхьаьнакхетар ду Белгехь дIахьур долуш. Цига богIуш Германера, Британера, Францера студенташ бу. Австрехь тхан студентийн тоба ю "Серло" цIе а йолуш. Тхо, цу тобан декъашхой, вовшах а кхетта Белгерчу гуламе доьлхуш ду. Нохчийн студенташ буйла хаийтар а, вовшашна массо а бовзийтар а ю цу цхьаьнакхетаран Iалашо".

Цхьаьнакхетаран программехь нохчийн къоман културах а, исторех лаьцна презентацеш а, концерт а, къоман хелхарш а ду.

Цул совнаха, гуллуш берш интеллуктуалаш хиларх терра, цара вовшашца хаарш а къовсур ду тайп-тайпанчу викторинашкахь а, квизашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG