ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуда ен а йийна, лаьттах йоьллина Нохчийчохь меттигерчу вахархочо


Нохчийчуьрчу 37 шо долчу вахархочунна дуьхьал айдина гIуллакх къастийна Талламан комитето. Иза бехкево шена евзачу цхьана зудчунна тIелатар а дина, иза ерна. "Нохчийчоь Тахана" агенталло Талламан комитетан хаамашна тIе а тевжаш, дийцарехь, масийттазза кхелах чекхвийлина и стаг "Мерседес Бенц" машен схьаяккха гIоьртина хиллера шена евзачу жимчу зудчун долахь йолу.

Бехкевечунна хууш хилла, и зуда машен йохка Iалашо йолуш хиллийла. Оцу зудчун машен чу а хииина, коьртах буйнаш а биттина, цуьнан садукъийна хиллера бехкевечо. Лараш дIаяйархьама, зудчун дакъа Соьлж-ГIалара ара а даьккхина, ГIойтан эвлайистехь охьайоьхкинчу нехашна уллохь лаьттах доьллинера.

И дерриг а динчул тIаьхьа, цуьнан машен Пятигорск гIала дIакхачийнера, йохка дагахь, амма аьтто ца баьллера цуьнан. Зулам дина масех де даьлча полисхоша рейдаш дIахьочу заманчохь лаьцнера иза шеконашца.

Талламчаша кхачам боллуш тоьшаллаш гулдина гIуллакх луьстучу хенахь. Прокуроро бехк тIечIагIбеш куьйгяздина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG