ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яшин Илья Москохан мэр хила дагахь ву


Оппозиционер Яшин Илья
Оппозиционер Яшин Илья

Москохарчу Красносельск кIоштан депутатийн кхеташонан куьйгалхочо, оппозиционеро Яшин Ильяс шахьаран мэран харжамашкахь дакъалаца сацамбина. Твиттерерчу шен пена тIехь яздина цо цунах лаьцна. Яшина бахарехь, харжамашка ваха лаам бу цуьнан "Собянин а, "Цхьааллин Оьрсийчоь" а сацорхьама а, система хийцархьама а, гIала адамашкахьа дIаерзорхьама а".

"Коррупцино лаьцна гIала, коммуналан мафин кхерам бу цунна", - аьлла Яшина шен видеокхайкхамехь. Иштта цо билгалдоккху, мэран харжамашкахь дакъалаца лууш демократин боламан кхиболу а декъашхой хилар. Цундела царлахь а харжам бан беза аьлла хета цунна.

Мэран харжамашка цхьа кандидат хьалхататта веза аьллера хьалхо оппозиционеро Гудков Дмитрийс а. Кеп-кепарчу демократин ницкъашца праймериз дIаяхьа еза аьлла, билгал а доккхуш. Гудковна хетарехь, муниципалан возуш воцчу 10 депутато я пхеа демократин партех цхьаммо къобалвина хила веза хьалхатотту кандидат. Президентан харжамашкахь дакъалаьцна Собчак Ксения а тIетайна Гудковн инициативана.

Гезгамашин-беттан 9-чу дийнахь дIахьур бу Москохан мэран харжамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG