ГIалгIайчоьнан Назранерчу изолятор чохь лаьцна латточу Экажевон вахархочо ша шена тIе куьйгдаьхьна. ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-релиз тIехь бо и хаам. Шинарин суьйранна пхи сахьт долучу хенахь йина цо суицид. Наркотикаш лелорна бехкеозийа хилла и 30 шо долу вахархо.
Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло талламаш болийна хиллачу инцидентан хьокъехь. Нагахь изоляторан белхахойн бехкаца оцу стага шена тIе куьйг даьхьнехь, таIзаре балор бу аьлла, яздина пресс-релизехь.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...