ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нухажиевс уьйраш хедийна Кадыровна критика ечу бакъонашларъярхошца


Кхечу бакъонашларъярхошца зIенаш хедийна Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис, цара махкарчу Iедална критика латто дела. Къилбаседа Кавказерчу Талламан комитетан куьйгалхочуьнца Волков Виталийца хиллачу цхьанакхетарехь дина и дIахьедар Нухажиевс.

"Дуккхаъчу дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхошца а, кхечу Европан организацешца а шолгIачу дийннехь юкъарлонаш совцийра ша аьлла омбудсмено. Бахьана ду – бух боцуш Iедал цара аьшнаш дар", - аьлла ду адамийн бакъонаш ларъян мехкан куьйгалхочун цIарах векал винчун аппарато бинчу хаамехь.

Карладоккху, Нухажиевс масийттаза критика йира Европан адамийн бакъонех дечу дIахьедаршна. Европан конвенцех пайдаэцар дита а дитина, къоман ламасташ тIехь адамийн бакъонийн система кхолла езара бохуш, кхайкхамаш а беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG