ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн меттан дийнахь диктант язйийр ю Нохчийчохь


Нохчийн меттан денна лерина Нохчийчохь "Беза, бовза ненан мотт!" цIарца этнографин диктант язъйойтуш акци ю дIакхайкхийна. Дешаран, Iилманан министралла ю акци кхайкхийнарг. Карарчу беттан 23-чохь махкарчу массо а дешаран организацешкахь язйийр ю диктант.

Бахархойн нохчийн матте безам кIаргбан, хазбан Iалашонца вовшахтоьхна ю и акци. Лаамболчун муьлххачун а таро ю цу дийнахь шен хаарш зиэн.

Дукха хан йоццуш математикан, физикан, химин хьехархошка ницкъаша ялийтира Нохчийчохь оьрсийн маттахь диктант язъеш экзамен. Цу дийнахь чекх ца ваьлларг, кху аьхка шен чоьтах квалификаци лакхайоккхучу курсашка Соьлжа-ГIала баттана деша а вохуьйтуш.

Ца кхетара математикан хьехархой, доккхачу декъанна терахьашца белхаш бечу шайна хIун оьшу оьрсийн маттахь нийсаяздаран кепаш- морфологи, лексика, пунктуаци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG