ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь шаьш ден долчу тохаршна кийча хила аьлла Трампа Оьрсийчоьне


Оьрсийчоьне кхайкхам бина Iамеркан президенто Трамп Доналда Шемахь шаьш тухур йолчу ракеташна кечам бе аьлла. Твиттерерчу шен агIон тIехь дина цо и дIахьедар, Iамеркан ракеташна а, уьш хьалахоьцучу меттигашна а шаьш тохарш дан кийча ду аьлла Оьрсийчоьно динчу дIахьедаршна дуьхьал.

"Кечло, Оьрсийчоь, хIунда аьлча, ракеташ дIакхочур ю хьуна, тоьлларш, керланаш, хьекъале ерш", - яздина Трампа. "Газ хоьцуш, адамаш дойуш там хуьлучу акхарочуьнца-нах бойучуьнца юкъаметтигаш латто мегар дац", - аьлла, тIе а тухуш.

Шемахь тIелатар дан кхачам боллуш тоьшаллаш дац шайн аьллера хьалхо Великобританин премьер-министро Мэй Терезас Iамеркан президентца телефонехь хиллачу къамелехь.

Iамеркан президенто Трамп Доналда хьалхо дIахьединера, 24-48 сахьт далале Шемахь динчу зуламна дуьхьал шаьш цхьа некъаш лелор ду аьлла.

Трампа билгалдаьккхинера, Iамеркан дуккха а варианташ хиларх Шемана бекхам бан, ишта Вашингтоно шаьш дендерг шайн агIончашца, уггар хьалха Парижца а, Лондонца а, дага а девлла дийриг хиларх а.

Францин, Iамеркан лидерша хьалхо дIакхайкхийнера, нагахь Шеман раж химин тIелатаршна бехке елахь, луьра жоп шаьш лург хиларх.

Москоха тIе ца дуьту шаьш бехке хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG