ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалхочух хьегийначу нанна 15 эзар евро дIадалар тIедожийна Европан кхело


ЦIийнадас кIант лачкъийна дIа а вигина, Соьлжа-ГIаларчу кхело иза дегахь вуьтуш сацам тIеэцначу Нохчийчуьрчу яхархочунна Магомадова Элитина 15 эзар евро компенсаци кхачо тIедиллина Европан кхело. "Медиазоне" бина и хаам "Бакъонан инициатива" организацино.

Европан конвенцин адамийн бакъонаш ларъяран 8-гIа артикл тIехтесна оьрсийн Iедалша аьлла, шен сацам бовзийтина Страсбургерчу кхело.

Доьзалхо дуьненчу ваьллачу 2010-чу шарахь шен цIийндеца дIакъаьстинера Магомадова Элита. Бакъонашларъярхоша ма яздарра, берана лоьрийн дарба оьшура даим а, хIунда аьлча, дуьненчу воллушехь коьртан хьеца паталоги йолуш хиларна.

Оцу бахьанашца Соьлжа-ГIалара Москох дIаяхара беран нана. Шен воI ган сих-сиха кхочуш хилла да, ткъа 2013-чу шарахь Москохарчу берийн бешара кхо шо долу шен доьзалхо дIавигинера цо Нохчийчу. Герзаца наха лачкъийна хьан кIант аьллера берийн бешан белхахоша зудчуьнга. ХIетахь дуьйнна, хиллачу майрчун гергарчара дуьхьало а латтош, гина ца хилла шен кIант нанна.

Ши шо хьалха арз дира Магомадовас бер шеца хилийтар а доьхуш. Соьлжа-ГIаларчу Ленинск-кIоштан кхело коьрта бахьанаш хьесапе а ца оьцуш, шен деца бер дуьтуш сацам бира.

2014-чу шарахь некъан бохамехь кхелхинера Магомадован хилла цIийнда, цул тIаьхьа бер цуьнан гергарчаьрга дIаделлера, ненан куьйга кIел а ца луш.

Оццу шеран гурахь Магомадовас латкъам бира Европерчу кхеле, ткъа аьхка 2015-чу шарахь полисхоша эххар а ворхI шо кхаьчна кIант шен нене дIакхачийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG