ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов Тумсон гергарнаш дIабигина хилла полисхоша


Полшехь Нохчийчуьрчу Iедалх лечкъина вехачу блогеран Абдурахманов Тумсон гергарнаш полисхоша дIабигина хилла. Царна кхерамаш а туьйсуш, Тумсона дуьхьал гергарчеран къамелаш дIаязда гIиртина полисхой.

Шен ши деваша а, ненан ши ваша а дIалацарх хаам бинера Абдурахманов Фейсбукерчу шен агIон тIехь. Цо бахарехь, "Кадыровн Iедало" бигинера уьш.

"Сан девешин 83 шо ду. Иза могуш а вац. ШолгIаниг уьш лецна дIабигинчу полисхойн декъехь болх беш ву. Ненавешех цхьа а ву могушалла дика йоцуш. Соьлжа-ГIаларчу полисхойн декъехь латтийна уьш. Видео яьккхина, уьш бист а хуьлуьйтуш, соьга Iедална критика яр дита, цIа а вола, шаьш гечдийр ду аьлла. Деваша вистхуьлуш шайна товриг цо ца аьлча, юх-юха язъян дезна церан видео. Гергарчаьрца сан зIе яц, цундела ма-дарра аьлларг а, дийцинарг а ца хаьа суна. Тхоьца генарчу гергарлонехь болучара дийцинарг бен ца хаьа суна", - аьлла, "Кавказан узел" агенталле дийцина блогера.

Карарчу хенахь цуьнан гергарнаш маьрша бу. Шен нахана Iедало тIеIаткъам бар Абдурахмановс дузу, Ютубехь ша Кадыров Рамзанан йоьIан Iайштатан Firdows цIийнах лаьцна видео хIоттор.

Инстаграмерчу цхьана Ya_patriot цIарца лелачо кхерамаш тийсинера цунна, нагахь цо и видео дIа ца яккхахь, ша цунна а, цуьнан гергарчарна а сингаттам боккхур бу бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG