Telegram мессенджер катоьхна дIакъовлар доьху Роскомнадзоро. "Интерфакс" агенталло яздарехь, пIераскандийнахь толлур ду цуьнан хьокъехь чуделла арз. Кхело шен цхьа сацам тIеэццалц блок тухур яц аьллера дахначу оршотдийнахь Роскомнадзоро. Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца хьалхо Telegram дIакъовла аьлла тIедожийнера кхелахошна Роскомнадзоро. Урхалло ФСБ-не дIакхачаде аьллера бахархоша вовшашка дIасакхоьхьуьйту хаамаш босту догIанаш.
Оьрсийчоьнан Конституцино ца магадо шайна и информаци Iораяккха аьлла, Telegram-ан куьйгалло тIе ца дитинера церан дехар.
Технике диллича а, дан таро яц аьлла компанино.