ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара Дума а, Гута а гIаланаш дIалаьцна пачхьалкхан эскарша


"Джейш аь-Ислам" тобано дIалаьцна латтийна Дума гIала шайн караерзийна Шеман эскаро. Пачхьалкхан эскарша йоллу Малхбален Гута дIалаьцна. Журналисташка и хаамбина мостагIалла вовшашца латточу агIонашна юкъахь маслаIат дечу Центран инарла-майора Евтушенко Юрийс.

"Шеман Iарбойн Республикан исторехь мехал ду тахана хилларг. Дума гIалина тIехула кхозучу пачхьалкхан байракхо гойту оцу шахьарна тIехь а, йоллу Малхбален Гутана тIехь а Iуналла дIалаьцнийла", - аьлла Евтушенкос. Иштта цо аьлла, гIаттамхойх цIанйинчу гIалахь оьрсийн тIеман полисхоша къепе латториг хиларх а.

Хьалхо хаамашкахь яздора, маслаIатан Центро гIаттамхой а, церан доьзалш а Думера арабохуш бу аьлла. Инарла-майора дийцина, кхааридийнахь гIаличуьра араваьлла 400 герз охьа а дуьллуш, 4 эзар стаг аьлла.

Чиллан-бутт бовш дуьйнна Дума гIала дIатесна 41 эзар стага, ткъа Малхбален Гутера аравалла 165 эзар. 250 закъалтхо маьрша а ваьккхина. Шеман оппозицино а, Малхбузено а химин тIелатар дарна бехкебо Думера Асад Башаран ницкъаш.

Трампа "акхаро" ю элира Асад Башар, тIелатарна бехкебира цо цуьнан агIончаш - ГIажарийчоь а, Оьрсийчоь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG