ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Amnesty International: Стаг вуьйш 993 кхелан сацам кхочушбина стохка


Стохка доллу дуьненчохь кхелахоша стаг вен кхайкхош бина 993 сацам кхочушбина. Шо хьалха хиллачу терахьашца дуьстича, 4 процентна охьадаьлла, ткъа 2015-чу шарца хьесап дича, 39 процент лахделла го терахь. Бакъонашларъяран Amnesty International организацино бина и хаам.

Стаг вуьйш кхелаш алсам йинчу пачхьалкхашлахь хьалхарчу могIарехь ю ГIажарийчоь а, СаIуда Iаьрбийчоь а. Дахначу шарахь ГIажарийчохь а, СаIуда Iарбийчохь а, Иракъехь а, Пакистанехь а 84 процент сов хилла нах байарш.

Amnesty International-а бахарехь, ГIажарийчохь зуламаш дарна вийна пхи стаг 18 шаре а валанза хилла. Кхи а 80 тутмакх шайн кхел кхочушяъре хьоьжуш, сатийсамашкахь а ву.

Рапортан авторша билгалдоккху, Европан мехкашлахь цхьа Белорусси хиларх стаг вуьйш кхелаш кхайкхош. Стохка ши стаг вийна цигахь, 2016-чу шарахь – 4.

Бакъоаншларъярхоша даредарца, Африкан мехкашкахь стохка прогресс тергалйина. Регионехь Гвинея 20-гIа пачхьалкх ю стаг вен кхачош сацам юхабаьккхинчарлахь. Стаг вийнехь, дуьхьал вуьйш бекхам бар а дитина Кенехь.

Гвинея йоцчо а, Монголерчу кхелахоша а дитина стаг вуьйш сацамаш тIеэцар.

Низамашца нах байар сацийна иштта 2017-чу шарахь 106 пачхьалкхо.

Въетнамехь а, Малайзехь а, Китайхь а муха хьал лаьтта зен аьтто ца кхаьчна Amnesty International организаицн. Информаци къайлаяьхьна оцу пачхьалкхаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG