ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маца дийр ду Шемахь тохарш билгалдаккхаза ду Трампа


Шемарчу Дума гIалахь газ хецарна дуьхьал ракеташца тохарш шаьш маца дийр ду хIинца а билгалдаккхаза ду Iамеркан президенто Трамп Доналда.

"Ас цкъа а аьлла дац, маца дийр ду Шемана тIелатар. Амма Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа кеста дан тарло тохарш. Я цкъачунна ца дан а мега", - яздина пезиденто шен Твиттерехь. Цул совнах, Iамерко Iаламат дика болх бина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах Шема дIацIанъеш аьлла, билгалдаьккхина Трмапа. "Мичахь ду шун "Баркалла, Iамерка?", - яздина Iамеркан президенто. Шемана тохарш дарх хIинца а къаьстина дац аьллера хьалхо КIайчу ЦIийнан векало Сандерс Сарас.

Шемара кхочучу хаамашца, химица динчу тIелатарехь 70 гергга стаг велла. Йозуш йоцчу хьостанаша хIинца и информаци тIечIагIйина яц.

Трампа бехбиллира газ хецарна Шеман президентна Асад Башарна. Жоьпалла тIедожийра Оьрсийчоьнна, Шемарчу ражна тIехIоьттина хиларна.

Гергарчу хенахь ракеташца шаьш тохарш дийр ду динчу зуламна дуьхьал аьлла, Iамеркан президенто Твиттерехь динчу йозанна дуьхьал, шаьш тидамехь латтош ду Трампа мел до дIахьедар, амма цуьнан твиттер-дипломатехь дакъалаца лаам бац шайн аьлла, жоп деллера Кремло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG