ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзан: Путинан метта куьйгалле хIотто стаг ван а вац тахана


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран кхи альтернатива яц, цундела гIайгIа бан беза кхи дIа йолчу ханна а куьйгаллехь иза висийта аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "Интерфакс" агенталле. "Пачхьалкхан куьйгаллехь волу президент могуш мел ву, вай дагадаийта ца оьшу кхин харжар. Иштта аьлла хьажам бу сан, ас и хуьйцур а бац. Тахана Путинан метта хао стаг ван а вац", - аьлла шен интервьюхь Кадыровс.

"Цундела вай сацам тIеэца беза аьлла хета суна, кхи дIа а иза даржехь вуьсуьйтуш. ХIунда мега и Китайна а, Германина а. Вайна хIунда ца мега?", - хоьтту мехкан куьйгалхочо.

Халкъан дуьхьа аьлла, вай хIунда ца бо хийцамаш боху Кадыровс. "Сайгара аьлча, вай хетта ца деза Путине. Халкъ, Федерацин Кхеташо, пачхьалкхан Дума, кхи йолу институташ меттах а евлла, куьйгаш гулдина, референдуме даккха деза и хаттар. Со тешна ву, масо а тIетовриг хиларх", - аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG