ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIехьа-Мартанарчу кхело гIуллакх долийна Катар-Юьртахь юьртда лаьттинчунна дуьхьал. Иза бехкево, шен бакъонна тIех а ваьлла, харц кехаташца тоьшаллаш дарна.

Талламчийн зерашца, шеконашца лаьцначо Катар-Юьртарчу администрацин куьйгаллехь волчу заманчохь, 2013-чу шарахь меттигерчу вахархочунна иза латтан да хилар тIечIагIдеш, харц кехат делла хилла, вахархочун долахь и латта доцийла хуушшехь, дийцина "Нохчийчоь Тахана" агенталле Талламан комитетан векало.

Оцу гIуллакхна гуонах талламаш дIахьош бу.

XS
SM
MD
LG