ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Скрипаль вен гIортар - Оьрсийчоьнна дуьхьал йина провокаци ю


Британин Солсбери гIалахь экс-шпион Скрипаль Сергей дIавшца вен гIортар пачхьалкхна а, Оьрсийчоьнан къомана а дуьхьал йина провокаци ю аьлла Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, Великобританехь хилларг – президентна Путин Владимирна а дуьхьаяьккхина авантюра ю.

Кадыровна хетарехь, оцу зуламна бехкеберш Британин къайлаха сервисаш ю я Малхбузера Оьрсийчоьнна дуьхьал лаьтта ницкъаш бу.

"Цхьа а бахьана ца го суна, Оьрсийчоь оцу оьзда йоцчу акцина гунахь хиларан. Стенна оьшу Оьрсийчоьнна Скрипаль новкъараваккха? Пачхьалкхан президентан харжамаш тIекхочучу муьрехь муххале а", - аьлла, тIетоьхна Кадыров Рамзана. Цул совнах, Малхбузен пачхьалкхаш Оьрсийчоьнна дуьхьалъяха долийна "ловзар" ду и боху Кадыровс.

Хаамашкахь ма дийццара, ингалсан Солсбери гIалахь байначу беттан 4-чу дийнахь ГРУ-н хилла офицер Скрипаль Сергей а, цуьнан йоI Юлия а карийнера. Британхойн зорбанаша дийцарца, кхетамчохь доцуш хиллера и шиъ. Талламан зераш кара а кхачале, Лондоно Оьрсийчоь бехкейира "Новичок" цIе йолу дIавшца цушинна зенаш дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG