ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Telegram дIакъовлуш сацам бина Москохарчу кхело


ПIераскандийнахь Москохарчу Таганскан кхело сацамбина, Роскомнадзоран тIедожорца Оьрсийчохь Telegram мессенджер дIакъовлуш аьлла, хаамбина кхелан хIусамчуьра Маршо Радион корреспонденто.

"ФСБ-н белхахошка шифровка ен догIанаш дIадаллалц", кхелан сацамца а догIуш, мессенджерна тIе боьдучу некъаннна дозанаш тоьхна хир ду.

Катоххий дIакъовла Telegram, террорхойн организацеша пайдаоьцу хаамаш хила тарло цу чохь бохуш, шечунна тIера ца йолура Роскомнадзор. Telegram-ан векал ца хилла кхелехь, арз луьстуш 20 минот бен хан а ца яйина.

Мессенджер кхоьллинчу Дуров Павела дихкинера шен адвокаташна кхеле баха. Цара дехар дира, кхелан кхеташо цхьана ханна дIататтар доьхуш, амма кхелахоша жоп жоцуш дитира церан дехар.

Роскомнадзоро Telegramан куьйгаллана тоьхна хан дахначу кIиранах чекъяьллера. Наха вовшашка кхоьхьуьуйту хаамаш баста аьтто лун догIанаш ФСБ-не дIадалар тIедожийнера Роскомнадзоро месенджерна.

Telegram-ан куьйгалло техникан агIоне диллича а, аьтто бац шайн и дан аьлла, дуьхьало йинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG