ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стохка шена тIедеанчу рицкъах хаамаш деклараци тIехь Iорабаьхна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Декларацино гайтарехь, 2, 4 миллион сом даьккхина цо дахначу шарахь. Лурчаха цо билгалдаьхначу терахьашка ладоьгIча, 81, 7 эзар соьмана сов пайда бина цо.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна 2017-чу шарахь тIедеанчу рицкъан барам бу 2 миллион 419 эзар 925 сом 62 кепекаш. Мехкан куьйгалхочун зудчо пайда бина 242 эзар соьмана.

Машенаш яц Евкуровн. 247,4 еакIов метар петар а, 420 еакIов метар коттедж а ю цуьнан долахь. 247, 2 еакIов метар йолчу петар чохь цуьнца цхьана беха куьйгалхочун доьзал: хIусамнана а, кхо доьзалхо-кхиазхо а.

XS
SM
MD
LG