ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна новкъадеана Telegram дIакъовлар


Оьрсийчохь яьржина Telegram мессенджер дIакъовларх дагахьбаллам бисарх дийцина "Интерфакс" агенталле Кадыров Рамзана. Цхьа компромисс шина а агIонна карор ю аьлла тешна вара ша аьлла цо. Кхело шен сацам Iорабаьккхина, нагахь Telegram-на блок хIоттаяхь, цу чу вала гIерташ, некъаш лоьхур дац ша аьлла мехкан куьйгалхочо.

Цо бахарехь, шена бухаязвеллачу 30 эзар стагца информацица дагавийла а, дийца а бIегIийла йолуш сервис яра Telegram.

ПIераскандийнахь кхело сацамбина, Оьрсийчохь Telegram йоьхкуш.

Мессенджеран дас Дуров Павела терроризмца къийсам латточу къайлахчу сервисашна хаамаш баста бакъо лун догIанаш дIацадаларан бахьанца Роскомнадзоро кхеле арз дахьийтинера, дIакъовлар тIедожош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG