ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бокс а, кикбоксинг а бусулбанашна хьарам ю аьлла гIезалойн муфтийс


ГIезалойчоьнан муфтийс Самигуллин Камила дIахьедина, бусулбанашна боксах, кикбоксингах латар-м хIунда дуьйцура, оцу спорте хьажа а дихкина ду аьлла. Islam-Today.ru портало бина и хаам.

Самигуллина бахарехь, некадечу къийсадаларшка хьажа магийна ду, нагахь тIех цхьалха бацахь хи чохь луьйчурш.

"Боксах дерг аьлча, билгалдаккха догIу, кхелан таIзар кхочушдечу хенахь а дихкина хилар юьхьтIе тохарш дан. Ткъа оцу спортехь юьхь тIе еттар Iалашо лоцу", - аьлла, кхетадо муфтийс.

Иштта дуьйцу Самигуллина, боксаца а, кикбоксингца а дозуш мел дерг динехь магийна цахилар, хIунда аьлча, оцу латаршкахь бухе диллинарг ду – "шина стагна юккъе довтасар", шена дуьхьалоечунна "лазаме чевнаш яр".

"И тайпа хьожийлаш бусулбанашна хийра ду, Малхбузерчу културан битамаш бу уьш", - аьлла муфтийс.

Билгалдоккху, Къилбаседа Кавказехь Iаламат яьржина хилар бокс а, кхидолу латарш а.

XS
SM
MD
LG