ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь ракеташца тохарш дан омра дина Трампа


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Трамп Доналда пIераскан суьйранна омра дина, Шемахь кеманца тохарш дойтуш. Пачхьалкхе телевизионехь бинчу кхайкхамехь Трампа дIахьедина, химин герз дечу программаца йоьзначу объекташна дина хиларх авиатохарш.

Операци йирзинчул тIаьхьа пресс-брифингехь тIеман министро Мэттис Джеймса а, штабийн куьйгалхойн Вовшахтоьхначу комитетан хьалханчаc Дэнфорд Джозефа а хаамбира, кхаа объекташна тохарш дарх: Дамаскан гонашкахь химин герз дечу тIеман талламан центрехь а, химин герзан гIирсаш латточу складехь а, Хомс гIалина гена йоцчу Шеман эскар лаьттачу купна а.

Мэттиса бахарехь, 59 ракета а кхусуш Шемарчу Эш-Шайрат базана тоьхначул а шозза сов тохарш дина объекташна. Инарлас Дэнфорда билгалдаьккхина, Оьрсийчоьне шаьш хаийтина цахиларх дечу тохарех.

ТIемаш долчу ракеташца дина тохарш, ишта кеманашца а йиттина.

Динчу тIелатарх ма ярра йолу информаци шоьтадийнахь Пентагонехь хинйолчу пресс-брифингехь йовзуьйтур ю.

Ракеташца тохарш дан бина сацам цхьана ца беара Конгрессаца. Сенатор-демократа Кейн Тима президента сацам низамашца богIуш бац, хIунда аьлча, Конгрессан санкцеш цаьрга ца кхаьчна дела аьлла хилла.

Республиканцашна тайна президентан омра, Шемарчу Iедалхойн зуламаш таIзар доцуш дуьтийла яц аьлла, билгалдаьккхина цара.

XS
SM
MD
LG