ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно ца дохийна Iамеркан ракеташ


Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь дIакхайкхийна, яхначу буса Шемарчу объекташна бIе сов ракеташ йиттина хиларх. Министраллан хаамашца, Шемарчу тIеман инфраструктурана ракетанийн тохарш дина Iамеркан кеманашца а, хIордкеманашца а Великобританин а, Францин а тIеман кеманашца цхьана. БIе сов "воздух-земля" цIе йолу ракеташ арахецна цара аьлла Оьрсийчоьнан тIеман министралло.

ТАСС агенталло хаамбо, оьрсийн тIеман министраллана тIе а тевжаш, Оьрсийчоьнан ПВО системаша цхьа а ракета дохийна цахиларх, хIунда аьлча тохарш хьовсийна дацара ларъечу гIишлошна. Оьрсийн зорбанаша Iорадаккхарехь, Шеман ПВО системано шайн гIирсашца иттех ракета дохийна хилла.

ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрало критике диллина Шемана тохарш дар.

Твиттерерчу шен агIон тIехь Великобританин арахьарчу гIуллакхийн министро Джонсон Бориса яздина: "Ас догреза тIеэцна Iамеркан, Францин агIончашца Цхьанатоьхначу Паччахьалло химин герзах пайдаоьцучу Шеман яккхийчу гIишлошна тIеман тохарш дар. Муьлххачу а химин герзана, къаьсттина адамашна хажийначу, дуьхьал долу дуьне цхьабоса меттахдаьлла", аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG