ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керстанийн кешнашкахь субботникаш кхайкхийна Нохчийчохь


Нохчийчоьнан Iедало бюджетан белхахой керстанийн кешнаш цIандеш, кхайкхийначу субботникашка арабаьхна аьлла, "Кавказан узел" агенталле дийцина махкарчу бахархоша. Агенталло хьалхо ма яздарра, субботникийн бутт дIакхайкхийра республикехь байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь. Шайн чоьтах цIанъян еза организацеша а, хьукматаша а шайга кхачийна территореш.

Нохчийчуьра белхахошка иштта цIандойтуш ду Соьлжа-ГIалин урамаш а, кхийолу яккхий ярташ а, иштта нехаш лехьайойтуш, битаме дало тIеэгийна керстанийн кешнаш аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле бахархоша.

"Урамашкахь нехаш лехьаяйти тхоьга цхьана хенахь, хIинца кешнашка хьовсийна. Субботникехь лаахь а, ца лаахь хила веза хьо, ца хилахь проблемаш хир ю аьлла", - дийцина Абу цIе йолчу махкарчу цхьана хьукматан белхахочо.

Белхан деношкахь а, мукъаденошкахь а кхайкхадо субботникаш. "Мичча хенахь а телефон тоха тарло хьаькаме я министраллера я префектурера, хIоккхул, оццул нах бахкийта нехаш дIаяха олий", -дийцина министраллан белхахочо Маликас. Iедалхоша бюджетхой субботникашка ийзор, нуйхьоькхурш цатоарца дузу.

Хьалхо гIазакхийн марха дастале аьлла, эзарнашкахь хьаькамаш, школашкара дешархой, хьехархой, кхечу хьукматашкара белхалой арабаьхнера Нохчийчуьрчу Iедалхоша керстанийн кешнаш цΙандан.

Дерриг а Нохчийчохь, болчу хаамашца, 58 гIазакхийн кешнаш ду, царех 7 Соьлжа-ГIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG