ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: Iамерко а, цуьнан бартхоша а дина ракетийн тохар - Шемана дуьхьал йина агресси ю


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Великобританино а, Францино а Шеман объекташна дина тохарш "пачхьалкхана дуьхьала дина агрессин акт ду" аьлла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, террорхошна муьтIахь хиларна Iамерка бехке а еш.

Оьрсийчоьнан лидеро бахарехь, Iамерко кхи тIе а карзахйоккхуш ю Шемара гуманитаран катастрофа, ткъа динчу тохарша маьршачу бахархошна гIело йо. Иштта Путина дIахьедина, Оьрсийчоьно цIеххьашха дийцаршка кхойкхуш хилар ООН-ан кхерамзаллан кхеташо. Президентан дешнашца, цигахь дийцаредан лерина "Iамеркан а, цуьнан бартхойн а агрессин тIелатарш" .

ПIераскан буса Iамеркан тIеман кеманаша Великобританин, Францин гIоьнца ракеташца тохарш дина Шеман гIишлошна.

Меттигера бахархой а бойуш, Шемарчу Дума гIалахь химин герзаш лелорна Малхбузенан пачхьалкхаша бехкедо Асад Башаран Iедал а, Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а. Демаьшкас а, Москоха а тIе ца дуьту шаьш бехке хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG