ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блогеран Абдурахманов Тумсон Инстаграмера аккаунт дIакъевлина


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Инстаграмерчу шен аккаунтна блок тохарх дийцина нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос. Иза тешна ву, Кадыров Рамзанна муьтIахь болчу "троллийн" аьрзнаш бахьана долуш шен аккаунт дIакъевлина хиларх.

"Хьоме доттагIий! Сан Инстаграм дIакъевлина.. Бахьана: "Хьан аккаунтна блок хIоттийна, хIунда аьлча, кхечу стеган цIарах хьо кху чохь леларна". Кадыровцаша аьрзнаш дина. Аккаунт схьаяста гIерташ, белхаш бу ас беш. Кеста блок дIайоккхур ю аьлла тешна ву со", - яздина Фейсбукехь Абдурахманов Тумсос. "5 эзар стаг ву сан агIоне язвелла", - аьлла блогеро "Кавказ.Реалии" портале.

2015-гIа шо довш Нохчийчоь дIатесна Абдурахмановс, Кадыровн гуонаца иккхина конфликт бахьана долуш. Хьалхо цо дийцира, шен Инстаграмерчу аккаунтан сурт а даьккхина, мессенджершкахула Нохчийчуьрчу хьаькамаша дIасакхоьхьуьуйтуш хилла аьлла.

Маршо Радионо яздира кху деношкахь, Полшехь Нохчийчуьрчу Iедалх лечкъина вехачу блогеран Абдурахманов Тумсон гергарнаш полисхоша дIабигина хиларх. Царна кхерамаш а туьйсуш, Тумсона дуьхьал гергарчеран къамелаш дIаязда гIиртинера полисхой.

Шен ши деваша а, ненан ши ваша а дIалацарх хаам бира ша Абдурахмановс а Фейсбукерчу шен агIон тIехь. Цо бахарехь, "Кадыровн Iедало" бигинера уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG