ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германис къобалдина Шемахь ракеташ тохар


ПIераскан буса Iамерко а, Великобританино а, Францино а Шемахь дина ракетан тохарш ша къобалдо аьлла, дIахаийтина Германин канцлеро Меркел Ангелас. "Дуьненаюкъаралло химин герзана дуьхьал бойкот кхайкхоран эвсаралла ларъярехь а, Шеман режиме кхи дIа йолчу ханна къепе йоха ца яйта а оьшуш яра и тIеман операци", - аьллачу канцлеран дешнаш даладо "Немцойн тулгIе" гIирсо.

"Шемарчу режиман химин герз лелорехь таронашна доза тохархьама" дина дара и тохарш аьлла, билгалдаьккхина Меркела.

"Шаьш ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан гуттаренна а декъахой хиларе терра, жоьпалла шайна тIеоьцучу тхайн Iамеркан, Британин, Францин бартхойн сацам оха къобалбо", - аьлла, тIетоьхна немцойн канцлера.

Хьалхо Шеманна тохарш дарна Германи декъахь хир яц аьлла дIахьединера Меркел Ангелас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG