ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тIелатар дар бусулбанашна тIехь йина геноцид ю аьлла Кадыровс


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Великобританис а, Францино а Шемарчу объекташна тохарш дина. БIе сов ракета хецна, 70 сов Шемара тIеман дакъош хIаллакдина. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, Iамерко а, цуьнан бартхоша а дуьненаюкъара низамаш дохийна хиларх, хIунда аьлча, ООН-ан санкцеш а йоцуш лела дела.

"ООН-ан декъахь йолчу Шемана дуьхьал йинарг агресси ю, - яздина Кадыров шен Телеграм-каналехь. – ТIелатар деш харц бахьана ду цара юьхьарлаьцнарг: Дума гIалахь химин герз лелийна аьлла, ткъа и бакъхиларан я тоьшаллаш а дац.

Йозуш йоцчу пачхьалкхна, ООН-ца дага а ца бовлуш, ракеташца, бомбанашца тохарш дар тIеман зулам ду, къизалла а ю", - аьлла, тIе а тухуш.

Шемахь ракеташ тохарна ша резавацар дIахаийтира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Великобританино а, Францино а Шеман объекташна дина тохарш "пачхьалкхана дуьхьала дина агрессин акт ду" аьлла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, террорхошна муьтIахь хиларна Iамерка бехке а еш.

Оьрсийчоьнан лидеро бахарехь, Iамерко кхи тIе а карзахйоккхуш ю Шемара гуманитаран катастрофа, ткъа динчу тохарша маьршачу бахархошна гIело йо. Иштта Путина дIахьедина, Оьрсийчоьно цIеххьашха дийцаршка кхойкхуш хилар ООН-ан кхерамзаллан кхеташо. Президентан дешнашца, цигахь дийцаредан лерина "Iамеркан а, цуьнан бартхойн а агрессин тIелатарш" .

"Вайн къоман лидеро Путин Владимира билгаладаьккхина ма хиллара, хенан йохалла историно шен-шен метта дерриг дIанисдийр ду. Цо хIинцале а доккха жоьпалла тIедожийна Вашингтонна, цо Югославица а, Иракъца а, Ливица а цIий Iанош ницкъ барна. Суна сайгара кхи цкъа а билгалдаккха луур ду, тIеман зулам динчу Iамеркана а, цуьнан агIончашна а цхьа а бехказло яц.

Иттанашкахь шерашкахь Исламан дуьне а, бусулбачийн пачхьалкхаш а йохо гIерташ политика ю цара дIахьош. Терроризмаца къийсам хьо бохуш, шалхонаш а лелош, маьрша нах бу цигахь хIаллакбеш. Бусулбанашна тIехь лелорийг геноцид ю, дукха нахана зенаш дина цара", - аьлла, яздина Кадыровс.

XS
SM
MD
LG