Кхиазхошна тIехь Iуналла латточу инспекторша чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан полисхошца цхьаьна профилактикан рейдаш дIаяьхьна Соьлжа-ГIалахь.
Оцу барамехь Октябрьск кIоштарчу "Минутка" олучу майданахь кхиазхойн тоба лаьцна, нускал далочу хенахь, шайна кхаьънаш дахархьама машенийн некъ лоьцу.
"Оцу хьолехь машенаш вовшахетталуш, некъан бохамаш бийла тарло, шайна кхиазхошна а кхераме ду и", - аьлла ницкъахоша.
Кхиазхой полисхойн декъе а бигина, церан дай-наной а тIе а балийна, кхетош-кхиоран къамелаш дина полисхоша.