Iамеркан Шемахь йолу Iалашонаш хийца ца елла. Президент Трамп Доналд лууш ву Iамеркан эскархошка и пачхьалкх "мелла а сиха йитийта". Цунах лаьцна дIахьедар дина КIайн цIен зорбанан секретаро Сандерс Сарас.
Сайндерса билгалдаккхарехь, "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба кхоччуш эшо а, ткъа иштта "иза юхайогIур йоцу хьелаш кхолла а" лууш ю Iамерка.