ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Автоспорт езарш зударий нисбелла Нохчийчохь


Соьлж-ГIала, Архивера сурт.
Соьлж-ГIала, Архивера сурт.

Нохчийчуьра бахархой кIиранан дийнахь машенаш хохкуш хьажа бахана хилла, коьртачу декъана Iедалша иза тIедожорна, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Нохчийчуьрчу "Крепость Грозная" автодромехь хилира Оьрсичоьнан го тосуш машенаш хахкаран хьалхара мур. Берриг аьлча санна хьовсархой бара цигахь республикерчу бюджетан хьукмашкара. Цара дийцарехь, къовсадаларшка хьажа декхарелахь бинера уьш куьйгалхоша.

Бюджетера алап оьцучу хьукматашкахь, дукхачу хьолахь, болх беш зударий хилар бахьана долуш, машенаш хохкуш хьажа баханарш коьртачу декъанаш уьш хиллера. Нисделлера машенаш хохкуш хьожуш хазахетарш коьртачу декъана зударий хилар.

Амма, Кавказ.Реалиино дийцарехь, лаххара а цхьана урхаллан цIарах автодромехь хиллачу зударшка ала ца делира тоьлларг мила ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG