БIеннаш наха оршотан дийнахь кIевлина Эрмалойчоьнан коьртачу гIалан Ереванан дукхаха долу урамаш. ДоьалгIа де ду цу гIалахь демонстрацеш дIайоьлху.
Церан декъашхойн Iалашо ю Эрмалойчоьнан хилла президент Сарксян Серж премьер-министр ца хIоттийтар.
Охан-беттан 17-чу дийнахь парламентан декъашхоша Iедалан куьйгалхо хIотто мегаш ву Саргсян.
Карарчу хенахь "Сан гIулч" боламан хьалханчо, халкъан гуламан депутато Пашинян Никола а, цуьнан агIончаша а дIакъевлина парламентана тIебоьду Багромянан проспект а, Московянан урам а.
Цу хеннахь, демонстранташ парламентана тIе ца бита, Баграмянан проспекте полицин ницкъаш тIеоьзна Iедалша.