ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу Думе ца буьту дуьненаюкъара инспекторш


Шема -- Дуьненаюкъарчу вовшахтохараллан (Organisation for the Prohibition of Chemical Weapons (OPCW)) инспекторш кхаьчна Димашка.14. Охан. 2018

Шемарчу Думехь президентан Асад Башаран эскарша дIаьвшен герз тоьхна бохучу меттиге ца буьту ДIаьвшен герз дехкарехула йолчу Дуьненаюкъарчу вовшахтохараллан (Organisation for the Prohibition of Chemical Weapons (OPCW)) инспекторш.

Цунах лаьцна хаам бина ХIаагехь дIахьош йолчу цу вовшахтохараллан исполкоман кхеташонехь. Дума карарчу хенахь Iуналлехь ю Шеман а, Оьрсийчоьнан а тIеман ницкъийн.

ДIаьвшен герз дехкарехула йолчу Дуьненаюкъарчу вовшахтохараллехь болчу ​Британин а, Iамеркан а векалша бехке йина Оьрсийчоь, миссин балхана новкъаро ярна. Швецин векало бинчу хаамца, Димашко а, Москохо а дIахьедар дина шаьш эксперташ Думе ца битар доьзна ду аьлла, церан кхерамазалла ларъярца аьлла.

XS
SM
MD
LG